Векалийн 25

1Ша куьйгалхо хІоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гІалара Ярушалайме веара Висита. 2Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тІе, ПахІална арз дахьаш. Цара дехарш дора, 3къинхетам а бина, ПахІал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара. 4Виситас жоп делира, ПахІал Кхесрин-гІалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гІур ву аьлла. 5«Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, – элира цо, – цаьрга хІара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь». 6Цаьрца бархІ-исс де а даьккхина, Висита Кхесрин-гІала юхавеара. ШолгІачу дийнахь, кхелахочун метте а хиъна, ПахІал схьавалавайтира цо. 7Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хІуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан. 8ПахІала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цІенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», – бохуш. 9Жуьгташна там болу агІо лоьхуш, Виситас элира ПахІале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?» 10ПахІала элира: «Со Рим-мехкан паччахьан кхелана хьалха лаьтташ ву хІинца, сайна кхел ян еззачохь. Ас жуьгташна цхьа а вониг ца дина, иза хьуна а дика хаьа. 11Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Іожалла тІеэца а кийча ву со. Амма хІара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дІавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху». 12Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тІевохуьйтур ву хьо», – аьлла. 13Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хІоттор даздан Кхесрин-гІала паччахь АгІарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара. 14Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахІалан гІуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву. 15Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана. 16Амма ас элира цаьрга, римхойн Іедал дац бехке веш волу стаг дІалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла. 17Цундела и жуьгтий кхуза схьакхаьчча, ас шолгІачу дийннехь, кхелахочун метте а хиъна, иза схьавалавайтира. 18Суна моьттуш долчу цхьана а зуламехь иза бехке ца вира цуьнан довхоша. 19Амма церан цхьацца къовсамаш бара шайн динах а, цхьана веллачу Іийсах а лаьцна, ткъа ПахІала-м Иза дийна ву бохура. 20И гІуллакх муха къастор ду а ца хиъна, ас хаьттира ПахІале: „Ярушалайме а вахана, цигахь кхел яйта лаьий хьуна?“ – аьлла. 21Амма ПахІала Рим-мехкан паччахьан сацам хиллалц ша Кхесрин-гІалахь вита аьлча, ас омра дира, иза Рим-мехкан паччахьна тІевиггалц чувоьллина вита аьлла». 22АгІарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогІа». «Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», – аьлла, жоп делира Виситас. 23ШолгІачу дийнахь АгІарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тІеман хьаькамаш а, гІалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цІа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахІал схьавалаве аьлла. 24Цул тІаьхьа Виситас элира: «АгІарипа-паччахь а, кхузахь тхоьца болу берриш а! Шуна гуш волчу хІокху стагана Ярушалаймехь а, кхузахь а вуно дукха жуьгташа аьрзнаш дина. Цара маьхьарий хьийкхира, хІара кхин ваха хьакъ вац бохуш. 25Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хІара цига дІахьажо. 26Амма кхунах лаьцна цу паччахье яздан хІумма а дац сан. Цундела ас хІара шуна, къаьсттина хьуна хьалха, АгІарипа-паччахь, валавайтина, гІуллакх къастийча, Рим-мехкан паччахье сайна яздан хІума хилийта. 27ХІунда аьлча суна нийса ца хета чувоьллина стаг, иза бехке веш дерг хІун ду а ца хоуьйтуш, дІахьажор».

will be added

X\