Векалийн 24

1Пхи де даьлча, динан коьрта да Хьанас а, масех воккха стаг а, кхелан гІуллакх лелош волу Туртал а веара цига. Цара мехкан куьйгалхочуьнга ПахІална дуьхьал шаьш даьккхинарг дийцира. 2- 3ПахІал схьакхайкхича, Туртала, иза бехкевеш, бохура: «Массо а хенахь а, массо а меттехь а баркаллица тІечІагІдо оха, лоруш волу Пелакъ, хьо бахьана долуш тхо долчохь машар хилар а, ахь Іуналла дарца хІокху халкъан дахар толуш хилар а. 4Амма, хьуна тІех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогІар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца. 5Оха къастийна: хІара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. 6ТІехула тІе Делан цІа сийсаздан а воьллера хІара, амма оха сацийра. 8Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хІара стаг бехкевар нийса дуйла». 9Оцу бехкана тІетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла. 10Мехкан куьйгалхочо пурба делча, ПахІала жоп делира: «Дуккха а шерашкахь кху халкъана тІехь хьо кхелахо вуй а хууш, со хазахетарца бехказавала хьожур ву. 11Хьуна хаа хала хир дац, со шийтта де ца кхоччуш хьалха Ярушалайме Далла Іибадат дан веанийла. 12Я Делан цІийнехь а, я жуьгтийн гуламан цІеношкахь а, я гІали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина. 13Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо. 14Амма цхьана хІуманна тІехь къера ву со: сайн дайн Далла гІуллакх деш вогІу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со. 15Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хІорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан. 16Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гІерта со Далла а, нахана а хьалха догцІена хилархьама. 17Дуккха а шераш девллачул тІаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хІума кховдорхьама а, сагІа даккхархьама а. 18- 19Со цІинваларан Іадатах чекхваьлча, Делан цІийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гІовгІа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хІитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хІума делахь. 20Я кхаьрга алийта, соьгахь хІун харцо карийна шайна, со коьртачу кхеташонна хьалха лаьттачу хенахь. 21Кхарна юкъахь лаьттачу хенахь ас чІогІа аьлла цхьа дош бахьана долуш дуй те хІара: „Белларш денлуш хиларх теша аьлла, аша суна тахана кхел йо“, – аьлла». 22Дерригене ла а доьгІна, цу хьехамах дерг шена дика хаьа дела, Пелакъа и гІуллакх тІаьхьатеттира. Цо элира: «ТІеман коьрта хьаькам Лоса схьавеача, ас къастор ду шун гІуллакх». 23Юха цо тІеман хьаькаме омра дира, ПахІал ларве, амма паргІат а вита, накъосташна цуьнан гІайгІа бан новкъарло а ма е аьлла. 24Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахІале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Іийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира. 25ПахІала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХІинца дІагІо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо». 26Цул сов иза сатесна вара ПахІала ша дІахоьцург ахча лург хиларе, цундела, кест-кеста схьа а кхойкхуш, цуьнца къамел дора цо. 27Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цІе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахІал чувоьллина витира Пелакъа.

will be added

X\