IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Векалийн 23 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахІала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цІеначу дагца ваьхна ву со».   2  Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахІалан бета тІе хІума тоха аьлла.   3  ПахІала элира цуьнга: «Дала таІзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хІетте а харцонца суна етта боху-кх ахь».   4  Уллохь лаьтташ болчара элира ПахІале: «Динан коьрта да сийсазво ахьа!»   5  ПахІала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тІехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».   6  Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахІала чІоггІа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян».   7  Цо иза аьлча, парушхошна а, садукъошна а юкъахь къовсам а баьлла, гулам шина декъе бекъабелира.   8  (ХІунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.)   9  Йоккха гІовгІа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Іеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХІун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла».   10  Амма къовсам кхин а чІогІа баларна тІеман коьртачу хьаькамо, наха ПахІал вовшахваккхарна кхоьруш, тІемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гІопе дІавига аьлла.   11  Буьйсанна ПахІална хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧІагІлолахь, ПахІал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан».   12  Де тІекхаьчча, цхьаболчу жуьгташа, барт а бина, дуй биира ПахІал шаьш веллалц ца яа а, ца мала а.   13  И барт беш декъехь вара шовзткъа сов стаг.   14  Динан коьрта да а, баккхий нах а болчу а бахана, цара элира: «Оха дуй биъна ца яа а, ца мала а ПахІал веллалц.   15  Аша а, коьртачу кхеташоно а тІеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахІал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гІуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тІекхачале, иза вен тхо кийчча ду».   16  Цара бинчу бартах лаьцна ПахІалан йишин кІантана хиира. Цо, гІопе а веана, ПахІале дІахаийтира и гІуллакх.   17  ТІаккха ПахІала, римхойн эскарера цхьана тІеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХІара жима стаг тІеман коьртачу хьаькамна тІевига, цуьнга цхьа хІума ала деза кхуьнан», – аьлла.   18  Цу хьаькамо, и кІант тІеман коьртачу хьаькамна тІе а вигина, элира: «Тутмакха ПахІала, соьга схьа а кхайкхина, хІара жима стаг хьуна тІевига элира. Кхуьнан хьоьга ала цхьа хІума ду боху цо».   19  ТІеман коьртачу хьаькамо, куьг лаьцна юьстаха а ваьккхина, хаьттира кІанте: «ХІун дара хьан соьга ала?» – аьлла.   20  КІанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахІал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гІуллакх дикка толлучуха.   21  Цаьрга ла ма догІалахь, хІунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кІело йина Іаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хІинца кийчча Іаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш».   22  ТІаккха тІеман коьртачу хьаькамо жима стаг дІавахийтира: «Айхьа соьга аьлларг цхьаьнгге а ма дийцалахь», – аьлла.   23  Цул тІаьхьа, шен тІеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гІала ваха ши бІе гІашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бІе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дІа а хьовсабе.   24  Иштта, варраш а кечъе, тІе а хаавай, ПахІал мехкан куьйгалхо Пелакъ волчу дІавигийта».   25  Цул сов, иштта чулацам болуш кехат а яздира цо:   26  «Цуьнан сийлалле мехкан куьйгалхочуьнга Пелакъе маршалла доуьйту Калабди Лосас.   27  ХІара стаг, схьа а лаьцна, жуьгташа вуьйчуьра тІемалошца веанчу ас кІелхьарваьккхина ву, Риман вахархо вуй ма-хиъинехь.   28  Кхуьнан хІун бехк бу хаархьама, ас хІара церан коьртачу кхеташоне валийра.   29  Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хІара вен я дІалаца бахьана долуш хІума дацара.   30  Сайна кху стагана дуьхьал барт бинийла ма-хиъинехь, ас сихонца хІара хьо волчу дІахьажийра, ткъа кхуьнан кхелахошка, гІуллакх хьоьга къастадайта аьлла, омра дира».   31  ТІемалоша шайна деллачу омрица ПахІал, схьа а эцна, буьйсанна Анти-Патар-гІала дІавигира.   32  Ткъа шолгІачу дийнахь, иза говрашкахь болчаьрга кхидІа вига а аьлла, гІопе юхабирзира уьш.   33  Вукхара, Кхесрин-гІала схьакхаьчча, кехат мехкан куьйгалхочуьнга дІа а делла, ПахІал цунна хьалха хІоттийра.   34  Мехкан куьйгалхочо, кехат а дешна, ПахІале хаьттира, иза муьлхачу меттера ву аьлла. ХІара Киликера вуйла хиъча, цо элира:   35  «Ас хьан гІуллакхе ладугІур ду, хьо бехке веш берш схьакхаьчча». ТІаккха гІароле, иза кхел еш долчу ХІародан цІийнехь ларве аьлла, омра дира цо.