IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Векалийн 22 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  «Вежарий, ладогІалаш хІинца ас аьндолчуьнга».   2  ПахІала шайга арамхойн мотт буьйцу хезча, нехан къамелаш кхин а лагІделира. ТІаккха цо элира:   3  «Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гІалахь вина волу, амма кхузахь, хІокху гІалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Іамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гІуллакх деш вара со.   4  Іийсан некъа тІе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тІе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура.   5  Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гІаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таІзар дан нах схьабало.   6  Амма новкъа вогІуш, со Дамасакх-гІалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах.   7  Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?“   8  Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Іийса ву, ахь эккхийна лелош волу“.   9  Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира.   10  Ас хаьттира: „ХІун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гІаттий, Дамасакх-гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“.   11  Суна хІумма а ца гора, хІунда аьлча къеггинчу серлоно бІаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дІавигира со.   12  Далла муьтІахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Іачу жуьгташа дика цІе йоккхуш волу Хьанас цІе йолчу стага,   13  тІе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“ Цу сохьта суна Хьанас гира.   14  Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а.   15  ХІунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха.   16  ХІун деш Іа хьо? Хьала а гІаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цІанло, Везачу Эле Іийсага кхойкхуш“.   17  Со Ярушалайме вухавеача, Делан цІийнан кертахь доІа дечу хенахь суна шовкъ еара:   18  Суна Іийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хІунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тІеоьцур дац“.   19  Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цІеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а.   20  Хьан теш хиллачу Тапин цІий Іеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гІуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“.   21  ТІаккха Цо элира соьга: „ДІавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечи къаьмнийн нах болчу“».   22  И дешнаш аллалц ладугІуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хІиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» – бохуш.   23  Цара маьхьарий а хьоькхуш, тІера хІуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгІазбахана хІаваэ чан кхуьйсучу хенахь,   24  тІеман коьртачу хьаькамо омра дира, ПахІал гІопе дІа а вигина, барт хатта, шед а етташ, наха кхунна тІе мохь мича бахьанина хьоькху хаархьама.   25  Амма шед етта доьхкаршца ша дІавихкинчу хенахь ПахІала элира цигахь лаьттачу тІеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?»   26  Иза хезна, тІеман хьаькамо, шел лакхарчунна тІе а вахана, элира: «Хьо хІун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву».   27  Лакхарчу тІеман хьаькамо, тІе а веана, хаьттира ПахІале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», – аьлла, жоп делира ПахІала.   28  Коьртачу тІеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахІала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо».   29  Ша Риман вахархо дІавихкинийла хиъча, цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа коьрта хьаькам кхеравелира.   30  ШолгІачу дийнахь жуьгташа ПахІал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тІера зІенаш дІа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахІал, схьа а валийна, царна хьалха хІоттийра тІеман хьаькамо.