Векалийн 21

1Царах дІа а къаьстина, тхо нийсса Кос-гІайре тІе дахара. ШолгІачу дийнахь Родос-гІайре тІе кхечира, ткъа цигара Патару-гІала дахара. 2Тхуна Пиника-махка доьдуш долу хІордкема карийра. Цу тІе а девлла, дІадахара тхо. 3Къилбаседехула Кипр-гІайрена тІех а девлла, тхо Сири-махка дахара. Цигахь Цора-гІалахь севцира, хІунда аьлча хІордкема дассо дезаш дара. 4Цу гІалахь Іийсан мурдаш а карийна, цаьрца цхьа кІира даьккхира оха. Делан Сино хьехарна цара элира ПахІале, Ярушалайме ма гІахьара аьлла. 5Тхан цигара хан чекхъяьлча, тхо кхин дІа а дахара. Цара массара а шайн зударшца а, берашца а тхо гІалара новкъа дехира. ХІордан йистехь, гора а хІиттина, доІа дира оха. 6Церан хІораннан Іодика а йина, тхо хІордкеманна тІе девлира. Ткъа уьш шайн цІа бирзира. 7Цора-гІалара кхидІа а тхайн некъ бира оха. Іаккхо-гІалахь севцина, динан вежаршка маршалла а хаьттина, цаьрца цхьа де даьккхира оха. 8ШолгІачу дийнахь новкъа девлла Кхесрин-гІала кхечира тхо. Ярушалаймехь хаьржинчу ворхІ гІоьнчех цхьаннан, хаза кхаъ нахана юкъахь баржош болчу Пилапан хІусамехь севцира тхо. 9Цуьнан маре яхаза йиъ йоІ яра. Уьш Делера болу хаам бовзуьйтуш бара. 10ЯхІуд-махкара Агав цІе йолу пайхамар вале, оха масех де даьккхира цигахь. 11Тхо долчу а веана, ПахІалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХІара доьхка долу стаг, иштта дІа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дІалур ву Ярушалаймера жуьгташа“». 12Иза а хезна, тхо а, цигахь болу нах а, ПахІале Ярушалайме ма гІахьара бохуш, дехарш дан хІиттира. 13ТІаккха ПахІала элира: «ХІун до аша, хІунда доьлху шу, сан дог а дохош? ДІавехкарна хьовха, Везачу Элан Іийсан дуьхьа Ярушалаймехь вала а кийча ву со». 14Цуьнан ойла хийца ницкъ а ца кхаьчна, оха, совца а севцина, элира: «Везачу Элан лаам кхочушхуьлда». 15Юха, кечам а бина, Ярушалайме дахара тхо. 16Кхесрин-гІалара цхьаболу мурдаш баьхкира тхоьца. Цара тхо дуьххьарлерчу мурдех волчу Кипрерачу Мансонна тІе дигира. Цуьнан хІусамехь севцира тхо. 17Ярушалайме дІакхаьчча, динан вежарша дика тІеийцира тхо. 18ШолгІачу дийнахь ПахІал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера. 19Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахІала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна. 20Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахІале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Іийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу. 21Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Іаш болу жуьгтий ахь Іамабо, Муса-пайхамарах дІакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гІиллакхаш ма леладе бохуш. 22ТІаккха хІун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла. 23Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву. 24Уьш схьа а эций, цІинваларан Іадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дІа а ло. ТІаккха хІоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла. 25Ткъа Іийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цІушна сагІина деана жижиг а ма даа, цІийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла». 26ПахІала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгІачу дийнахь цаьрца цІинваларан Іадат кхочушдира. Юха, Делан цІийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цІиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хІораннах а сагІа маца доккхур ду а аьлла. 27ВорхІалгІа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цІийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахІал схьалецира, 28маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГІо дейша! ХІара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цІенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хІинца, Делан цІийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо». 29(Хьалха, Ярушалаймехь, Эпас-гІалара ТрахІим гинера нахана, цундела моьттура царна цо иза Делан цІийне валийна.) 30ГІала карзахъяьллера, массо а агІора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахІал Делан цІийнан кертара аратакхийра. НеІарш цу сохьта тІекъевлира. 31Иза вен гІертара уьш. ТІеман коьрта хьаькамна тІе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла. 32Цу сохьта тІемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тІевахара иза. ТІеман коьрта хьаькам а, тІемалой а гина, ПахІална еттачуьра севцира уьш. 33ТІаккха тІеман коьрта хьаькам цунна тІевахара. ПахІал схьа а лацийтина, иза шина зІенаца дІавехка аьлла, омра дира цо. ПахІале иза мила ву, цуьнгара хІун даьлла аьлла, хаьттира цо. 34Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГІовгІа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахІал гІопе дІавигийтира тІеман коьртачу хьаькамо. 35Лами улло иза вигича, тІемалойн иза айина вига дийзира, нах дукха оьгІазбахана, цунах лата гІерташ хиларна. 36Цунна тІаьхьабогІучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» – бохуш. 37ГІопана улло кхочуш, ПахІал тІеман коьртачу хьаькаме вистхилира: «Хьоьга хатта мегар дуй ас?» Вукхо элира: «Хьуна грекийн мотт хаьа? 38ХІета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гІаттам айина мисархо вац-кх?» 39ПахІала жоп делира: «Со Килик-махкара Тарс-гІалара жуьгти ву, евзаш йолчу гІалин вахархо. Ас доьху хьоьга, бакъо лохьа суна нахаца къамел дан». 40Вукхо бакъо елча, ПахІала, ламин тІегІанаш тІе а хІоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дІатийначу хенахь иза Іебархойн маттахь къамел дан хІоьттира.

will be added

X\