Векалийн 2

1Жуьгтийн « ШавуІот » цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. 2ЦІеххьана, чІогІа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гІовгІа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цІа дуьзира. 3Йогучу цІеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хІоранна тІехула севцира. 4Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. 5Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чІогІа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара. 6И гІовгІа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хІунда аьлча хІоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара. 7Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац? 8Вайна хІоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш? 9Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Іейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхІуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а, 10Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гІалин йистера адамаш а, римхой а, 11(жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тІеэцнарш а), Крит-гІайренан бахархой а, Іаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гІуллакхех лаьцна дуьйцуш!» 12Цец а буьйлуш, хиллачух ца кхеташ, вовшашка хоьттура цара: «Ванах, хІара хІун ду?» – бохуш. 13Цхьаболчара бохура, бийла а буьйлуш: «Цара алсам мерза чагІар мелла». 14Кипас, вукху цхьайтта векалца дІа а хІоьттина, аз айдеш, элира нахе: «ЯхІудхой а, Ярушалайман бахархой а! Пурба ло суна дерриг а шайна дийцийта. Дика соьга ладогІалаш! 15ХІара нах, шуна ма-моттара, бехна бац, хІинца Іуьйранна исс сахьт бен ма ца даьлла. 16Ткъа Юал-пайхамаро дийцинарг ду хІара. 17„ТІаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хІуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гІенаш гуш хир бу. 18Сайн ялхошна тІе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Іаь тухур ю Аса цу деношкахь, тІаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду. 19Аса стигалан Іаьрчашкахь а, лаьтта тІехь а тамашийна хІуманаш гойтур ду: цІий, цІе, кІуьран мархаш. 20Везачу Элан сийлахь де тІекхачале малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду. 21Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву“. 22Исраилхой, ладогІалаш соьга: Назартара Іийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХІунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а кхочушйора. 23Іийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дІавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жІарах дІа а тохийтина, вейтира Иза. 24Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. 25Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агІор ву, со воха ца вохийта. 26Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегІ а ду сатуьйсийлах дуьзна. 27ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. 28Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“. 29Вежарий, аса билггала бакъдерг дІахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дІа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. 30Иза пайхамар вара. Дала цунна чІагІо йинера, цуьнан тІаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. 31Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегІана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна. 32Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. 33Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Іийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. 34Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, 35Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’, – аьлла“. 36Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жІарах дІатоьхна Іийса – Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна». 37И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хІун дан деза оха?» – бохуш. 38Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. 39И совгІат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тІаьхьабогІучу, Дала Шена тІекхойкхун болчу массарна а». 40Кипас, цаьрга дІа а хьедеш, дехарца бохура: «КІелхьардовлалаш хІокху телхинчу адамех». 41Цуьнан хьехам тІеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Іийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира. 42Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугІуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доІанаш деш а бара. 43Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гІуллакхаш дора векалшкахула. 44Іийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хІума юкъахь дара. 45Шайн керташ а, долахь дерг а дІа а духкуш, шайна юкъахь дІасадоькъура цара, хьанна хІун оьшу хьаьжжина. 46ХІора дийнахь цхьаьна Делан цІийнан кертахь бара уьш. ЦІеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура, 47Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хІора денна совйоккхура кІелхьарбохучийн тоба.

will be added

X\