Векалийн 19

1Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гІала веара ПахІал. Цигахь масех мурд а карийна, 2цо хаьттира: «Шаьш Іийсах тешначу хенахь Делан Са тІеийцирий аша?» – аьлла. Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тІедуссу бохуш». 3«ТІаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» – аьлла, хаьттира цо. «Яхьъяс Іама ма-дарра хилла-кх», – аьлла, жоп делира цара. 4Юха ПахІала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тІевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТІаьхьавогІучух тешаре, ма-дарра аьлча, Іийсах тешаре». 5И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Іийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира. 6ПахІала тІе куьйгаш а дехкина, царна тІе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хІиттира. 7Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара. 8ПахІала жуьгтийн гуламан цІийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гІерташ. 9Амма царах цхьаберш, дар а белла, Іийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахІал уьш болчуьра дІавахара, шеца Іийсан мурдаш а эцна. Цо хІора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цІийнехь. 10Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера. 11Дала ПахІалан куьйгашца инзаре хІуманаш дора. 12Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дІа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тІейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура. 13ГІалара гІала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тІехІиттича, Везачу Элан Іийсан цІе йоккхуш хуьлура: «ПахІала Шех лаьцна дуьйцучу Іийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий. 14Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхІ кІанта а. 15Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Іийса а къобалво, ПахІал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла. 16И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хІуманаш, этІош, дІа а кхийсина, царна тІехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цІа чуьра аралилхира вежарий. 17И хилларг Эпас-гІалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чІогІа кхерабеллера. Везачу Элан Іийсан цІе кхин а сов лорура цара. 18Дуккха а Іийсах тешнарш богІура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а. 19Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цІе йолу дато ахча. 20И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара. 21И хІума хиллачул тІаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахІала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. 22Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира. 23Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира. 24Дамарти цІе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Іаш. Цо детих Артеми цІе йолчу цІунна лерина кегийра цІенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура. 25Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла. 26Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахІала хІокху Эпас-гІалахь хилла ца Іаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш. 27Вайна хІоьттина болу кхерам, хІара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Іа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цІа хІумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду». 28И къамел а хезна, оьгІазбахана уьш маьхьарий хьекха хІиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш. 29Ерриг а гІала карзахъелира. Адамаш гІалахь нах гуллучу метте – театре дІахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахІалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. 30ПахІал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза. 31Цу хенахь Эпас-гІалахь Іаш болчу кхуьнан доттагІаша, Асиин маьІ-маьІІерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гІахьара аьлла. 32Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара – важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хІунда гулделла а ца хаьара. 33Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цІе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гІовгІа сацо гІоьртира, дерг дийцархьама. 34Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш. 35ГІалара йозанчас дІатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гІала сийлахьчу Артемин цІа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тІулг а ларбеш юйла? 36Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза. 37Аша кхуза хІара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цІа чуьра хІумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хІорш. 38Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь. 39Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хІума делахь, иза вай чІагІбинчу гуламехь къастор ду. 40Тахана хиллачу хІокху гІовгІанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хІара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дІадахийтира.

will be added

X\