IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Векалийн 18 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Цул тІаьхьа ПахІал Атина-гІалара дІа а вахана, Коринт-гІала веара.   2  Цигахь цунна карийра Іакхила цІе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Іакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскІилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хІунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гІалара дІагІо аьллера. ПахІал Іакхилий, Парскилий ган веара.   3  Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира.   4  ХІора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Іийсах тешийта гІерташ.   5  Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш.   6  Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».   7  Гуламан цІа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цІе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цІенош гуламан цІенна уллохь дара.   8  Жуьгтийн гуламан цІийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цІеранаш а Іийсах тийшира. ПахІале ладоьгІна болу дуккха а Коринт-гІалара бахархоша, Іийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира.   9  Цкъа буьйсанна ПахІална сурт хІоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Іе!   10  ХІунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гІалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла.   11  Цхьана шарахь эха шарахь Іийра цигахь ПахІал, нахана Делан дош хьоьхуш.   12  Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахІал, схьа а лаьцна, цунна тІе кхеле валийра. Цара бохура:   13  «ХІокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гІуллакх вайн Іедалца догІуш дац».   14  ПахІал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогІа.   15  Амма дерриг а гІуллакх дешнашца а, цІерашца а, шун Іедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гІуллакха тІехь кхелахо хила ца лаьа».   16  Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра.   17  ТІаккха цара, гуламан цІийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цІийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.   18  Цигахь дуккха а деношкахь Іийна, Сири вахара ПахІал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскІилат а, Іакхила а дара цуьнца. Кенахари цІе йолчу меттехь шен месаш дІалергира цо, ша Далла хьалха дина ваІда кхочушдар билгалонна.   19  Уьш Эпас-гІала кхечира. ПхьаьрскІилата а, Іакхила а цигахь сецира. ПахІал ша жуьгтийн гуламан цІийне вахара, жуьгташца къамел дархьама.   20  Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Іе аьлла, амма иза реза ца хилира.   21  Ткъа, дІавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогІур ву шу долчу». Цул тІаьхьа иза хІордан кеманца Эпас-гІалара дІавахара.   22  ХІордан йистехь йолчу Кхесрин-гІала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахІал. Цигара Іийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза.   23  Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидІа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гІалара вукху гІала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Іийсах тешарехь чІагІ а беш.   24  Апа-Леса цІе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гІала. Иза Искандар-гІалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза.   25  Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Іийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь.   26  Цо майрра дуьйцура гуламан цІийнехь. ПхьаьрскІилатана а, Іакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цІа дІа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна.   27  Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гІонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хІара тІеэца аьлла. Цига ша дІакхаьчча, цо доккха гІо дира Делан лаамца Іийсах тешначарна.   28  Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тІе а чІагІдеш, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш.