IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Векалийн 16 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара.   2  Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна.   3  Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахІала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Іаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хІунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла.   4  ГІалара гІала а воьдуш, ПахІала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тІедиллинарг дІахоуьйтура.   5  Цу гІуллакхо Іийсах тешачийн тобанаш иракарахІиттайора, церан тешар чІагІдора, денна а и тобанаш стамлора, Іийсах тешнарш алсамбовлуш.   6  Делан Сино бакъо ца елира ПахІалгІарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара.   7  Миси-мехкан дозанна тІекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Іийсан Сино ца магийра царна иза.   8  ТІаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гІала баьхкира.   9  Буьйсанна, сурт а хІоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахІална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гІо дехьа», – аьлла.   10  И сурт хІоьттинчул тІаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира.   11  Троя-гІалара тхо нийсса Самотраке дІакхечира, ткъа цигара шолгІачу дийнахь грекийн Неаполе дахара.   12  Неаполера дІа тхан некъ римхой Іаш болчу Македон-мехкан коьртачу гІала Пилапе бара. Цу гІалахь оха масех де даьккхира.   13  Шоьтан дийнахь, гІалин кевнах ара а девлла, хи тІе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доІане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо.   14  Царна юкъахь Тхьайтир-гІалара еана, Лидия цІе йолуш цхьа зуда яра. Иза цІен деза кІадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахІале ладоьгІучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахІала дуьйцучух тешийтархьама.   15  Цо а, цуьнан цІерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хІусаме а дуьйлий, хьошалгІахь Іе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара.   16  Цкъа доІа дечу метте тхо дІадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоІ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хІусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш.   17  ПахІална а, тхуна а тІаьхьа а йогІуш, мохь беттара цу йоІа: «ХІара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КІелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хІорш!» – бохуш.   18  Цо хІора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахІала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Іийсан олаллин цІарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоІанна чуьра араделира.   19  ХІусамдай кхийтира йоІа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахІал а, Сали а, схьа а лаьцна, гІалин хьаькамашна тІе майдане дІатакхийра.   20  Римхойн кхелахошна тІе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХІара нах жуьгтий бу. ХІорш бахьана долуш вайн гІалахь синтеме дац.   21  Кхара дуьйцуш долу гІиллакхаш вайна, римхошна, я тІеэца а, я лело а товш дац».   22  Гулбелларш, бехкаш дохучарна тІе а тайна, ПахІална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тІера хІуманаш дІа а яхий, кхарна гІожмаш етта элира.   23  ЧІогІа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гІаролан хьаькаме леррина хІорш ларбе а аьлла.   24  И омра хезча, гІаролан хьаькамо уьш чуьрчу цІа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна.   25  Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахІал а, Сали а доІанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугІуш бара.   26  ЦІеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чІогІа мохк бегийра. Массо а неІ дІаеллаелира, массо а тутмакхийн гІоьмаш охьаийгира.   27  Самаваьллачу гІаролан хьаькамна массо а неІ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гІерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда.   28  Амма ПахІал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хІаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» – аьлла.   29  «Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахІална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза.   30  И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хІун дан деза? Муха кІелхьарвала веза со?» – аьлла.   31  «Везачу Элах Іийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тІаккха хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу».   32  ТІаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цІерачарна а.   33  Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цІерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира.   34  Юха уьш шен цІа а бигна, царна шун хІоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цІерачаьрца хазахеташ вара, хІунда аьлча иза Делах тешнера.   35  Де тІекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дІахеца», – аьлла.   36  Набахтин хьаькамо элира ПахІале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дІахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дІаваха йиш йолуш ву!»   37  Амма ПахІала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой доллушехь. Ткъа хІинца тхо къайлаха дІахеца гІерта уьш? ХІан-хІа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара».   38  Эпсарша дІаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахІал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира.   39  Схьа а баьхкина, хІара шиъ къинтІера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гІалара дІагІахьара аьлла, дехар а дина.   40  Набахтера араваьлча, ПахІал а, Сали а Лидиян цІа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахІиттийра цара. Цул тІаьхьа хІорш кхин дІа а бахара.