Векалийн 15

1ЯхІуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Іедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кІелхьардевр дац». 2Цу тІехула цхьана агІор оцу нехан а, вукху агІор ПахІалан а, Бар-Наабан а чІогІа къовсам белира. ПахІал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гІуллакх векалшца а, Іийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. 3Іийсах тешачийн тобано и гІуллакх тІе а диллина, дІабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тІеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Іийсах тешачунна хазахетар дахьара. 4Ярушалайме кхаьчча, Іийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тІеийцира уьш. ПахІала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна. 5Парушхошна юкъахь болчу Іийсах тешачу наха, хьала а гІевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тІедиллина декхарш кхочушде ала а деза». 6Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира. 7Дуккха а дийцинчул тІаьхьа Кипас, хьала а гІаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Іийсах тешийтархьама. 8Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тІеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. 9Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. 10Ткъа хІинца хІунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьІнаш тІе а биллина? 11Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Іийсас къинхетам бар бахьанехь вай кІелхьардевр хиларх». 12ТІаккха массо а, дІа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахІалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хІуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугІуш вара. 13Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогІалаш соьга. 14ШамІа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гІайгІа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна. 15Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хІокху дешнашца: 16„Цул тІаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду. Цуьнан саьлнаш метта а хІиттийна, ирахІоттор ду иза, 17- 18кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“. 19Цундела суна хета, Далла тІе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. 20Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. 21Муса-пайхамаро тІедиллинарг массо а гІалахь хІора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хІора гуламан цІийнахь хьоьхуш ма ду». 22Векалийн а, тхьамданийн а Іийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахІалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цІе йоккху ЯхІуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара. 23Цаьргахула хІара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а. Антиохера а, Сирера а, Киликера Іийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе. Маршалла ду шуьга! 24Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дІакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. 25Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахІалца а шу долчу дІабахкийта. 26Вайн Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хІиттийна нах бу уьш. 27Хаьржина волу ЯхІуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тІечІагІдайта. 28Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хІара тІедиллинарг доцург: 29ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!» 30Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Іийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дІаделира цара. 31И дешча, дегнаш иракарахІитточу цу хаамах самукъадаьлла бара нах. 32ЯхІуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чІагІдеш, иракарахІиттош бара уьш. 33Цара жимма хан яьккхира цигахь. Цул тІаьхьа динан вежарша, декъал а бина, диканиг хилар лаарца векалш болчу дІахьовсийра уьш. 35ПахІал а, Бар-Нааб а Антиохехь сецира. Цигахь цара а, цаьрца болчу дуккха а кхечара а Везачу Элах долу дош хьоьхура. 36Цул тІаьхьа жимма хан яьлча, ПахІала элира Бар-Наабе: «Вай Везачу Элах долу дош кхайкхийначу массо а гІала а гІой, динан вежарий муха Іаш бу хьовсий», – аьлла. 37Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цІе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира. 38Амма ПахІал реза вацара, шаьш Пампилехь Іадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Іийна волу стаг шайца схьаэца. 39Цу тІехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дІасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хІордкеманца Кипре вахара. 40Ткъа ПахІала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза. 41Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Іийсах тешачийн тобанаш чІагІйора.

will be added

X\