Векалийн 14

1Иконехь ПахІал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цІа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Іийсах тийшира. 2Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Іийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш. 3ПахІала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чІагІбора Везачу Эло. 4ГІалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш – векалшкахьа. 5Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тІулгаш детта. 6Иза хаа а хиъна, гІалара дІабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цІе йолчу гІаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира. 7Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара. 8Листарехь Іаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дІа а волавалаза. 9Цо а ладугІура ПахІала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахІална гира цуьнан шен товаларх болу тешам. 10«Когаш тІе хьалагІатта!» – элира цо заьІапчуьнга. И стаг, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. 11ПахІала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хІиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» – бохуш. 12Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахІалах ХІерми элира, хІунда аьлча цо къамел алсамо дора. 13Зевс цІе йолчу цІунна лерина цІа дара гІаланал арахьа. Цу цІа чохь гІуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гІалин кевне, нахаца векалшна лерина сагІа даккхархьама. 14И шайна хезча, тІера хІуманаш а этІош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахІала а: 15«ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. 16Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, 17амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догІа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу». 18И дешнаш аьлча а, кхарна тІера сагІа даккха гІерташ болу нах халла совцабелира векалшка. 19Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тІеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахІална тІулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гІаланах араваьккхира цара. 20Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахІал, хьала а гІаьттина, гІала юхавеара. ШолгІачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дІавахара иза. 21Цу гІалахь хаза кхаъ а кхайкхийна, дуккха а мурдаш карийра царна. Цул тІаьхьа векалш Листаре а, Иконе а, Антиохе а юхабаьхкира. 22Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. 23Іийсах тешачийн хІора тобанехь тхьамданаш а хІиттийна, марханаш а кхобуш, доІанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша. 24Цул тІаьхьа, Писида-гІалех чекх а бевлла, Пампили-махка баьхкира уьш. 25Перга-гІалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гІала бахара векалш. 26Ткъа Атталера хІордан кеманца уьш Антиохе дІабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тІедиллина гІуллакх дархьама. И гІуллакх цара хІинца кхочуш а дира. 27Юха а баьхкина, Іийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неІ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. 28Уьш цигахь мурдашца еххачу хенахь Іийра.

will be added

X\