Векалийн 12

1Оццу хенахь ХІарод-паччахь Іийсах тешачийн тобанна таІзар дан волавелира, царах цхьаберш дІа а лецийтира цо. 2Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо. 3Жуьгташна и гІуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дІалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.) 4Кипа, схьа а лаьцна, набахти чу воьллира. Иза ларван тІемалойн йиъ тоба хІоттийра, хІора тобанехь виъ стаг а волуш. Пасахьан деза де чекхдаьлча Кипа халкъан кхелана хьалха хІотто дагахь вара ХІарод. 5Кипа набахтехь велахь а, Іийсах тешачийн тоба даггара цунах лаьцна Деле доІанаш деш яра. 6Кхана кхеле воккху аьллачу буса, шина а агІор зІенаш а тоьхна, шина тІемалочунна юккъехь вижина Іуьллура Кипа. НеІарехь лаьтташ гІарол а дара. 7ЦІеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагІатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тІера зІенаш охьаийгира. 8Юха малико элира: «ТІе хІума а юха, кога мачаш а юха», – аьлла. Кипас цо ма-аллара дира. «Хьайна тІе бедар а хьарчаяй, суна тІаьхьахІотта», – элира малико. 9Кипа маликана тІаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хІоьттинарг цхьа сурт ду. 10Уьш цхьана гІаролах а, шолгІачу гІаролах а тІех а бевлла, гІала доьдучу аьчка кевнна тІебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира. 11Кипа меттавеача, цо элира: «ХІинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХІародан куьйгех а, жуьгташна луучу таІзарх а со кІелхьарваьккхинийла». 12Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. 13Кипас ков тоьхча, Рода цІе йолу ялхо дуьхьалъелира. 14Цунна озах Кипа вевзира. Хазахетар совдаларна, ков дІаделла йиц а елла, юха чуедира иза. «Кипа кевнехь ву!» – элира цо. 15«Хьо лартІехь юй!» – бохура цуьнга. Амма иза иштта ду бохура Родас. «Иза Кипин малик ду», – аьлла, сацам бира цара. 16Цу хенахь Кипа ков детташ вара. Эххар а ков дІадиллича, иза ган а гина, чІогІа цецбевлира уьш. 17Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», – аьлла, кхечу метте дІавахара иза. 18ШолгІачу Іуьйранна тІемалой боьхна хьийзара, цхьанна а ца хаьара Кипех хилларг. 19ХІарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гІуллакх ца хилира. ТІаккха цо, тІемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира. Цул тІаьхьа ХІарода, ЯхІуд-махкара Кхесрин-гІала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира. 20ХІарод Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахаца барт ийгІина вара. И нах цуьнга шаьш тІеэцийта лууш бара. Паччахьан цІентІехь куьйгалхо волу Балсат цІе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гІоьнна. Цу наха машар бийхира, хІунда аьлча ХІародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хІума. 21Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гІанта тІе а хиина, нахе вистхилира ХІарод. 22Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» – аьлла. 23Амма ХІарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НІаьнаша ваарна, хІаллакьхилира иза. 24Цу хенахь Делах долу Дош дІасадаьржаш дара. 25Шайна тІедиллина гІуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цІе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца.

will be added

X\