Векалийн 11

1Берриг а ЯхІуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тІеэцна бохуш. 2Цундела Кипа Ярушалайме веача, Іийсах тешаш болу сунтбинарш хІокхуьнга бехкаш даха хІиттира. 3«Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хІума йиъна ахь», – бохура цара. 4ТІаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа. 5«Со Яппи-гІалахь доІанаш деш вара, – дуьйцура цо, – шовкъ еанчу суна сурт хІоьттира. Еа маьІІера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хІума гира суна. 6Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а. 7Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гІаттий, яйа а яйий, яа уьш“, – аьлла. 8Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хІума йиъна яц аса“, – аьлла. 9Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“. 10Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира. 11Оццу хенахь со волчу цІенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гІалара бахкийтина бара. 12Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дІагІо элира соьга. ХІара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цІа чу дахара. 13Цу стага дийцира, цІа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гІала ШамІе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу. 14Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу“. 15Со дийца волавелча, хьалха тхуна тІе санна, царна тІе а Делан Са доьссира. 16ТІаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“. 17Цундела Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?» 18Оцу дерригене а ладоьгІча, церан дуьхьал ала хІумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тІеберза, Шеца дахар хилийта». 19Тапа вийначул тІаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кІелхьарбевлла Іийсах тешнарш Пиники-гІала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Іийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура. 20Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Іийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира. 21Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тІебирзира. 22Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира. 23ДІа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Іийсах тешна нах иркарахІиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш. 24Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тІедирзира. 25Цул тІаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама. 26Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Іийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Іийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш». 27Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара. 28Агав цІе йолчу царах цхьаммо, дІа а хІоьттина, Делан Синан цІарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хІуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.) 29Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхІуд-махкахь болчу динан вежаршна гІо дан. 30Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара.

will be added

X\