Векалийн 10

1Кхесрин-гІалахь Іаш вара Корнил цІе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара. 2Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагІа а лора, гуттар а Деле доІанаш а дора. 3Цкъа цхьана дийнахь делкъал тІаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хІоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХІара волчу а деана, малико элира: «Корнил!» 4Кхеравелла, цуьнга дІахьаьжира Корнил. «ХІун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доІанашна а, сагІанашна а Дала жоп делла. 5Яппи-гІала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамІе схьакхайкха. 6ЦІокарчашна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь, хІорда йистехь сецна хьуна иза». 7Шеца къамел дина малик дІадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тІемалочуьнга а схьакхайкхира. 8Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гІала бахийтира цо. 9ШолгІачу дийнахь бахийтинарш гІалин йисте кхочуш, Кипа доІа дан цІийнан нийсачу тхов тІе хьалавелира. 10Мац а велла, яа хІумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна. 11Еллаелла стигал а, еа маьІІера дІалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хІума а гира цунна. 12Цу шаршу юкъахь биъ ког болу тайп-тайпана дийнаташ а, текхаргаш а, олхазарш а дара. 13Юха цхьана озо элира цуьнга: «Кипа, хьала а гІаттий, яйа а яйий, яа уьш», – аьлла. 14Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хІума». 15ТІаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хІума хьарам ма хета». 16Иштта кхузза хилира, тІаккха цу сохьта шаршу юха а стигала хьалаяьхьира. 17Кипа ойла еш лаьттара, шена хІоьттина сурт хІун маьІна долуш ду те бохуш. Цу хенахь Корнила бахкийтина нах, ШамІин цІенош а карийна, кевнна хьалха севцира. 18Мохь а тоьхна, хаьттира цара: «Шех Кипа олу хьаша ШамІа вуй кхузахь?» – аьлла. 19Кипа, дІа а хІоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТІаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамІа, хьо лоьхуш кхо стаг ву. 20Хьала а гІаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дІагІо, хІунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу». 21Кипас, чу а воьссина, элира цу нахе: «Аша лоьхург со ву. ХІунда даьхкина шу?» – аьлла. 22Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цІена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цІа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогІархьама». 23ТІаккха Кипас, уьш чу а кхайкхина, хьошалла дира царна. ШолгІачу дийнахь Кипа а, Яппи-гІалара кхин масех динан ваша а цу нахаца дІавахара. 24Кхин цхьа де даьлча, уьш Кхесрин-гІала кхечира. Корнил цаьрга хьоьжуш Іаш вара, шен гергарчу нахе а, уллорачу доттагІашка а кхайкхина. 25Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира. 26«ХьалагІатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду». 27Корнилаца къамел а деш, Кипа цІа чу вахара. Чохь гулделла дуккха а адам дара. 28Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла. 29Цундела сайна тІаьхьа нах бахкийтича, со, дуьхьало ца еш, схьавеана. ХІинца пурба лойша шайга хатта: хІунда кхайкхина аша соьга?» 30Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хІокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тІаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦІеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хІоьттира. 31„Корнил, – элира цо, – Дала хьан доІанашна а, мискачарна деллачу сагІанашна а жоп делла. 32Кипа олучу ШамІе кхайкха нах бахийта. Иза хІорда йистехь Іаш волчу цІоканашна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь ву хьуна“. 33Ас цу сохьта хьуна тІаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХІинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тІедиллинчуьнга ладогІархьама». 34Кипа дийца волавелира: «ХІинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. 35Цо массо а къомах болу нах тІеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь! 36Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ . 37- 38Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара. 39Іийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина, 40амма Дала веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвира. Іийса Делан лаамца нахана гучувелира. 41Иза хІоранна а гуш вацара, амма Дала къастийначу тхуна, тешашна, гира Иза. Оха Цуьнца даа а диира, мала а мелира Иза веллачуьра денвеллачул тІаьхьа. 42Цо тхуна тІедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тІехь кхел ян хІоттийна ву аьлла. 43Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цІарах къиношна гечдийриг хилар». 44Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугІучарна массарна а тІе Делан Са доьссира. 45Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тІедоссарх, 46хІунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТІаккха Кипас элира: 47«Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тІе а ма доьссина!» 48Цо Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа хих чекхдахийта аьлла, тІедожийра царна. Цул тІаьхьа хІусамдайша дийхира Кипига, шайца кхин а масех де даккха аьлла.

will be added

X\