Векалийн 1

1Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тІехь ас яздинера хьоьга Іийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна, 2Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тІекхаччалц. 3Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура. 4dЦкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. 5ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду». 6Мурдаша, гул а белла, хаьттира Іийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахІоттайо хан тІе ца кхаьчна?» – аьлла. 7Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гІуллакх дац. 8Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». 9Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. 10Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. 11«Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». 12Цул тІаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тІера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоІучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал. 13ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг. 14Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доІанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Іийсан нана Марем а, Іийсан вежарий а бара. 15Цкъа уьш гулбеллачу метте бІе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гІаьттина, элира: 16«Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Іийса лоцуш болчарна тІехь куьйгалла дина волчу ЯхІудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тІехь. 17ЯхІуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гІуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо». 18Іийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тІехь велла карийна иза, даьттІачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш. 19Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХІакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦІийн латта» бохург ду. 20« Забур тІехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дІатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гІуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дІалоцийла“. 21Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Іийсана уллохь а хилла, 22ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Іийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Іийса денваларан теш хила а веза». 23Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а. 24Векалша доІа дира: «Веза Эла! Хьуна хІораннан а дог девза, гайтахьа тхуна 25ша ваха веззачу метте дІаваханчу ЯхІудан метта, Айхьа векал а вина, гІуллакх дан хаьржинарг». 26Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгІа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дІакхийтира.

will be added

X\