3 Яхьъяс 1

1Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хІара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза. 2Сан хьоме доттагІа, ас доІа до, хьо могуш-маьрша хилийтар а, массо а агІор хьан дика хилийтар а доьхуш, хьан синан агІо дика ма-хиллара. 3Суна чІогІа хазахийтира, цхьаболчу динан вежарша, кхуза а баьхкина, тоьшалла дича, хьо билггал долчу бакъдолчунна тешаме а ву, цуьнца хьо кхидІа а лелаш ву аьлла. 4Суна массо а хІуманал хазахеташ дерг ду, сан динан бераш гуттара а билггал бакъболчу некъахула лелар. 5Сан хьоме доттагІа, динан вежаршна дечу гІуллакхашна тІехь хьо чІогІа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь! 6Кхузахь йолчу динан тобанна хьалха цара тоьшалла дира хьан безамах. Далла хазахетачу тайпана уьш новкъа бахар дика хир дара хьуна. 7Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа буьйлабелла лелаш ма бу уьш, дин доцучу нахе гІо а ца доьхуш. 8Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дІадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гІуллакхийн декъахь хилархьама. 9Хьо вехачохь йолчу динан тобане кехат яздинера ас, амма Дайтарпана со къобал ца во, хІунда аьлча цунна динан тобанан коьртехь ша хила лаьа. 10Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дІадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Іаш, тхан динан вежарий тІе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тІеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дІа а боху. 11Хьоме доттагІа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гІуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гІуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар. 12Динан тобанна юкъарчу хІораммо а тоьшалла до Дамарти дика стаг хиларх. Бакъдолчо а тоьшалла до цунах. Иштта оха а тоьшалла до иза дика стаг хиларх. Ткъа шуна-м хаьа, оха до тоьшалла бакъ дуйла. 13Кхин дуккха а хІума дара сан хьоьга яздан, амма шекъанца кехата тІехь яздан ца лаьа суна иза. 14Аса дог доху, кестта хьо гаре, юьхь-дуьхьал а волуш, вовшашца къамел дархьама. 15Маьрша Іойла хьо! Хьан доттагІаша маршаллаш доуьйту хьоьга. Хьан тобанехь волчу хІоранга а шен-шен цІарах маршалла далар доьху ас.

will be added

X\