2 Тимапига 4

1Дала леррина къобалвина волу Іийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чІагІо а еш, ас хІара весет до хьоьга: 2дІакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегІийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дІакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гІалаташ нисде, уьш галдевлча, дІахаийта царна, уьш иракарахІиттаде. 3ХІунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугІур доцу хан тІейогІур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта. 4Билггал бакъболчу хьехамах дІа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш. 5Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гІуллакх а деш, хьайна тІедиллинарг дерриге а чекх а даккха. 6Сайх лаьцна хІара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагІа даккха дуттуш долу чагІар санна ду – со дІакхалха веза хан тІееана. 7Дикачун дуьхьа бечу тІамехь ас хьуьнарца тІом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди. 8Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж . Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза. 9Тимапи, хІуъа а дай, суна сихха тІекхачахьара хьо. 10ХІара дуьне шена дезарна, сох дІа а къаьстина, Тассалник-гІала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана. 11Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тІехь суна пайден хир ву иза. 12ТихІак Эпас-гІала вахийтина ас. 13Троя-гІалахь Карпу волчохь ас йитина сан тІеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тІаьрсигна тІехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогІуш. 14Дукха зуламаш дина суна цІестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таІзар дийр ду цунна. 15Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чІогІа дуьхьалваьлла иза. 16Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гІо даккха цхьа а ца веара, массара а дІатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала! 17Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дІакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дІахазийта а. Иштта кІелхьарваьккхинера со лоьман багара. 18Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кІелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дІа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин . 19Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а, Анисапаран цІерачаьрга а. 20Арсати Коринт-гІалахь висира. Ткъа ТрахІим Милет-гІалахь витира ас, иза цомгуш волу дела. 21ХІуъа дай а, Іа тІедале, схьакхача гІортахьара хьо. Маршаллаш доуьйту хьоьга Іевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а. 22Веза Эла хуьлийла хьан синца. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

will be added

X\