IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

2 Тимапига 3 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Хаалахь, тІаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю.   2  Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш.   3  Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш.   4  Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах.   5  Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь.   6  Къайлаха нехан хІусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КІеда дог долу зударий кІелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий.   7  Динах лаьцна хьехамаш даим Іамо гІерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга.   8  Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.   9  Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.   10  Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Іалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь.   11  Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гІалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кІелхьарваьккхира со.   12  Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тІаьхьа а хІоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.   13  ХІилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.   14  Хьох лаьцна-м хІара эр ду ас: хьайна Іемина долу а, хьо тешна волу а и гІуллакх кхидІа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна.   15  Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула луш долчу кІелхьарваларна тІевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.   16  Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Іаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гІалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш.   17  Цу дерригенан Іалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гІуллакх дан кийча хилийтар.