2 Тассалникахошка 3

1Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дІасабаржийта а, лоруш тІеэцийта а тхуна тІера доІанаш делаш. 2Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дІакъастор, хІунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш. 3Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чІагІ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. 4Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дІа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан. 5Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тІехьажадойла. 6Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. 7Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора. 8Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха. 9Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама. 10Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хІара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хІума а ма яа», – аьлла. 11Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Іаш бу бохуш, хеза тхуна. ХІумма а ца деш болу уьш нехан гІуллакхашна чу юкъагІерта. 12Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарах тІедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догІу рицкъа даккха а, синна паргІат хила а. 13Ткъа аша, динан вежарий, дарх кІорда а ца деш, диканиг де. 14Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта. 15Иза мостагІа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве. 16Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хІуманна тІехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а! 17Аса, ПахІала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хІара кехат. Соьгарчу хІора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо: 18Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

will be added

X\