2 Тассалникахошка 2

1Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен тІе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна: 2шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогІу де тІекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тІехь дІаязбина бу аьлла. 3Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча адам, Іеса а даьлла, Далла дуьхьал эргІаддаьлча а, хІаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тІедогІур доцу дела. 4«Дела» аьлла, цІе йоккхучу а, адамаша Іибадат дечу а массо а хІуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цІа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. 5Дага ца догІу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар? 6Ткъа хІинца шуна хаьа, иза сецош дерг хІун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац. 7Къайлаха долу зулам хІинцале а къахьоьгуш ду. Амма хІинца а иза сецош волчо кхин дІа а сецор ву, новкъара иза Дала дІаваккхалц. 8ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву. 9Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Іаламаташ а гойтуш лелар ву иза. 10Шаьш кІелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тІе ца эцарна а, иза ца дезарна а хІаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза. 11Цундела Дала чІогІа Іехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш. 12ТІаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю. 13Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кІелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тІера Деле даим баркаллаш баха деза оха. 14Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама. 15Цундела, динан вежарий, чІагІлой Іелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тІехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха. 16Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахІиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна. 17Муьлххачу а аша олуш долчунна тІехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гІуллакхашна тІехь а, иракара а хІиттош, Дала чІагІдойла шу.

will be added

X\