1 ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо Тассалник-гІалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешначийн тобане. 2 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 3 Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Іийсах тешарехь шу чІагІлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хІунда аьлча шуна массарна а юкъахь хІораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу. 4 Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх. 5 Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хІинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача. 6 Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо, 7 ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь. 8 Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо. 9 ТаІзар а дина, уьш гуттаренна а хІаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дІабаьхна хир бу уьш. 10 И таІзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тІеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Іийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела. 11 Цундела шуна тІера оха даим доІанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гІуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха. 12 Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Іийсан цІе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гІарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долчу диканца хир ду иза.