IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Кипин шолгІа кехат 3 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  ХІара шолгІа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тІехь шун цІена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.   2  Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КІелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тІедиллинарг а.   3  Уггар хьалха шуна хаа деза, тІаьхьарчу деношкахь богІур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш,   4  цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогІур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хІума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».   5  Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а.   6  Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хІаллакдина.   7  Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хІинцалера стигалш а, латта а даго Іалашдеш ду, къематан а, Іеса нах хІаллакбен а де тІекхаччалц.   8  Цхьа хІума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду.   9  Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.   10  Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду.   11  Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цІена а, суьпа а хила деза,   12  Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.   13  Амма, Дала динчу ваІдане а хьаьжна, нийсонан цІа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай.   14  Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дІахІитта а, Цуьнца бертахь хила а.   15  Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кІелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахІала шуьга яз-ма-дарра.   16  Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тІехь. Кхета хала хІуманаш ду царна тІехь, цундела кІорггера хаарш доцучу а, динехь чІогІа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хІаллак а хуьлуьйтуш.   17  Иштта, хьоменаш, хІара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дІа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тІера ца дохийтархьама а.   18  Вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тІейогІу йолчу ерриге хенахь а. Амин.