Кипин шолгІа кехат 2

1Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн чехка хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха. 2Дукхахберш, царах дІа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу. 3Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХІаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац. 4ХІунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тІехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. 5Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо. 6ХІаллакьян кхел а йина, чим бина дІаяьхна Цо Седам а, Іамор а цІераш йолу гІаланаш, Іесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. 7Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутІа кІелхьарваьккхина Цо. 8(ХІунда аьлча царна юкъахь Іийна и Делан лаамехь волу стаг хІора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гІуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.) 9Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кІелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таІзар а деш, латто а, 10къаьсттина шайн догІмийн хьарамчу лаамашна тІаьхьахІиттинарш а, шайна тІехь Деле олалла ца дойтурш а. КІоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру. 11Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу. 12Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тІе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хІаллакьхир бу. 13Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хІума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь. 14Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бІаьргаш. Сина кІезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Іемина ду саьхьара гІуллакхаш лело. НеІалт хилла нах бу уьш. 15Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла. 16Амма шен харцонна тІехь бехке вина БалиІам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар. 17Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Іаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина. 18Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара. 19Цу нахана паргІато яла ваІда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву. 20Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал. 21Нийсонан некъ бевзина цахилар гІолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тІедиллинарг дІа а тесна, хьалхалерчунна тІе юхабоьрзучул. 22Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖІаьла шен Іеттораш тІе юхадогІу», кхин а: «ЦІанйина хьакха хоттала йижа йоьду».

will be added

X\