Кипин шолгІа кехат 1

1Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай а, векал а волчу ШамІа-Кипас яздо хІара кехат. Вайн Дела а, КІелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тІеэцначаьрга яздо ас. 2Дела а, вайн Веза Эла волу Іийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргІато а совйолийла шун. 3Іийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хІунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна. 4Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгІаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама. 5Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. 6Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха. 7Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха. 8Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. 9Ткъа иза шеца доцург бІаьрзе ву. Цунна хІумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цІанвар. 10Цундела, вежарий, кхидІа а хьовсалаш Дала шаьш тІекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу. 11Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КІелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Іийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ. 12Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тІехь шу чІагІдина делахь а. 13Суна нийса хета, хІара дегІан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар. 14Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегІах къаста дезаш хилар. 15Со шух къаьстинчул тІаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас. 16ХІунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Іийса-Эла вогІур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду. 17ХІунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тІе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кІант ву, Цуьнца бу Сан лаам!» 18Стигалара деана и аз тхуна хезира, Іийсаца безачу лам тІехь тхо долуш. 19Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тІе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Іуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц. 20Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар. 21ХІунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.

will be added

X\