IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

2 Яхьъяс 1 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Іаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу.   2  ХІунда аьлча билггал бакъдерг вайца долуш а ду, абадехь хир а ду.   3  Да волчу Делера а, Ден КІант волчу Цо леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца.   4  Суна чІогІа хазахийтира, вайга стигаларчу Дас весет ма-дарра, хьан берех цхьадерш билггал бакъдолчуьнца лелаш хилар.   5  Ткъа хІинца ас яздо хьоьга, зуда, керла а доцуш, амма юьхьанца дуьйна а хиллачу весетах лаьцна. И весет вай вовшийн дезаш хила деза аьлла ду.   6  (Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.   7  ХІунда аьлча адамаш Іехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Іийса, адам санна, дуьнен чу валар тІе ца дуьту. Иштта волу хІора стаг адамаш Іехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.   8  Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.   9  Дала леррина Къобалвинчун хьехамаша бохучунна тІе а детташ, уьш лар а ца беш волчу муьлххачун а Делаца уьйр яц. Дала леррина Къобалвинчун хьехамаш лар а беш, Іаш волчун Деца а, КІантаца а уьйр ю.   10  Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагІахь, аша цІа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта.   11  ХІунда аьлча цуьнга маршалла хоттуш верг цуьнан зуламечу гІуллакхийн декъашхо хуьлу.   12  Дуккха а дара сан шуьга яздан, амма иза шекъанца кехата тІехь яздан ца лаьа суна. Ткъа аса сатуьйсу, шу долчу а веана, юьхь-дуьхьал а волуш, дерриг а дІадийцаре, вай даккхийдер кхоччуш дуьззина хилийтархьама.   13  Маршалла доуьйту хьоьга хаьржина йолчу хьан йишин бераша а.