2 Коринтхошка 9

1Бакъдерг аьлча, аса-м шуьга яздан а ца оьшу Делан нахана гІо дан дезарх лаьцна. 2Шун доггах хилар а гуш, шух дозалла до аса македонхошна хьалха: «Стохка дуьйна а Ахаера динан тобанаш доггах хІума яларан гІуллакхна кийча ю» – бохуш. Шун доггах хиларо царах дукхахберш иракарахІиттабора. 3Ткъа шу долчу аса динан вежарий бохуьйту, оха шух дина дозалла эрна а ца хуьлуьйтуш, амма, аса ма-аллара, шу кийча хилийтархьама. 4Соьца шу долчу македонхой бахкар а нисделла, ткъа шу кийча ца хилар царна дІахиънехьара, шу хІиттина а ца Іаш, шух тешна Іаш долу тхо а юьхьІаьржачу хІуьттур ма дара! 5Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дІа а баьхкина, аша хьалххехь ваІда а деш, лур ду аьлла совгІат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгІат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду. 6Цу тІе аса боху: кІезиг дІадуьйчо – кІезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дІадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду. 7ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза. 8Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хІуманна тІехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гІуллакх дан. 9Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Тоам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо». 10ДІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а Кхочуьйтучо шуна а хІу кхочуьйтур ду, иза алсам а доккхур ду, ткъа шун нийсонца леларехула Цо шортта ялта лур ду. 11Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хІума дІакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТІаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дІакховдийнарг тхоьгахула дІа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду. 12ХІунда аьлча аша кхочушдечу хІокху гІуллакхо, Делан нахана оьшург хилийтина а ца Іаш, Далла олу баркаллаш дуккха а тІехдовлуьйтур ду. 13Оцу шун гІуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтІахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а. 14Шайн дегнашкахь шу дага а дохкуьйтуш, шуна тІера доІанаш дийр ду цара, Дала шуна дина инзаре доккха дика бахьана долуш. 15Далла баркалла олийла вай, Цуьнан дийцалур а доцу совгІат бахьанехь!

will be added

X\