2 Коринтхошка 8

1Ткъа хІинца, динан вежарий, оха дІахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. 2Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. 3Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца 4цара чІогІа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гІуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. 5Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Іаш, уьш хьалха Везачу Элана тІе а боьрзура, тІаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора. 6Цундела оха Тите чІогІа дийхира, ша долийна долу и дика гІуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гІо де аьлла. 7Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гІуллакхашца шу тІехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гІуллакхна тІехь а тІехдовлуш хуьлийла шу. 8Иза шуна тІедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со. 9ХІунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза. 10Цу тІехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хІунда аьлча стохка и дика гІуллакх долийна а ца Іаш, и доло лаам а хилла шун. 11Шаьш дан долийна гІуллакх хІинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хІетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гІуллакхна аша дакъа дІадалар. 12Нагахь цхьаъ шен хІума дІадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тІеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош. 13Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду. 14ХІинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахІоттор ду. Ткъа тІаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду. 15Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кІезиг гулдиначунна тІеоьшуш а ца хуьлура». 16Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гІо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха. 17Тхан дехар тІеэцна а ца Іаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дІавогІу шу долчу. 18Хаза кхаъ дІакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дІавоуьйту оха цуьнца. 19Цул сов, и дика гІуллакх дарна тІехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гІо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гІуллакх. 20ХІара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тІехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо. 21ХІунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Іаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо. 22Тхайна юкъара кхоолгІа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гІуллакхашна тІехь зийча, иза чІогІа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хІинца кхин а чІогІа лууш ву шу долчу ван, ша шух кІорггера теша дела. 23Титех лаьцна аьлча – иза сан юххера стаг ву, шуна гІуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча – уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу. 24Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.

will be added

X\