2 Коринтхошка 7

1Сан хьоме доттагІий! Дала вайна и ерриге а чІагІонаш йина дела, вешан догІмаш а, синош а бехдеш мел долчух цІанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дІало вай. 2Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна. 3Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду. 4Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахІитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тІех а даьлла. 5Тхо Македоне даьхкинчу хенахь, цхьана а тайпана синтем бацара тхан. Массо а агІор ницкъ хиллера тхуна, арахула тІебеана цатемаш а, тхешан чохь болу кхерамаш а бахьана долуш. 6Амма Шена муьтІахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргІатдехира. 7И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Іаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чІогІа дог айаделла вара. 8Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хІинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кІеззиг йолчу ханна бен ца дина дела. 9Сан хІинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тІедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна. 10Делан дуьхьа хиллачу гІайгІано кІелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тІеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гІайгІано Іожалла тІейоуьйту. 11Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дІагІоьртуьйту. Иза дина а ца Іаш, шу бехке цахилар шуна дІахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргІаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чІогІа шу тІедирзина а, царна таІзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а оцу хІуманна тІехь шаьш цІена хилар гайти аша. 12Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гІайгІа бо шуна дІаделладалийтархьама яздинера. 13Цундела тхуна синтем хилира. Тхуна, синтем хилла а ца Іаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахІотторна. 14Цу тайпана аша юьхьІаьржачу ца хІоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тІехь. Мелхо а, массо а хІуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили. 15Шун массеран а муьтІахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тІеэцар а дагадеача, кхин а чІогІа шух дог дІаийна хуьлу цуьнан. 16Со чІогІа воккхавеш ву, массо а хІуманна тІехь а шуна тІетовжа сайн йиш хиларна!

will be added

X\