2 Коринтхошка 6

1Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чІогІа дехар до шуьга, Делера шаьш тІеэцна долу дика эрна ма хилийтийша. 2ХІунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кІелхьардоккхучу дийнахь Аса гІо дира хьуна». Ткъа хІинца тІееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хІинца ду и кІелхьардовларан де. 3Цхьана а хІуманна тІехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гІуллакх емал ца дайтархьама. 4Мелхо а, массо а агІор Далла гІуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш. 5Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш. 6Иштта, тхайн цІеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цІеначу безамца, 7билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду. 8Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела. 9Тхо гІарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таІзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу. 10Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хІумма а яц, амма массо а хІуманан дай ду тхо. 11Коринтхой! Оха цІеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дІаделладелла ду шуна. 12Тхо шух дІа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дІакъехка. 13Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дІа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца». 14Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? 15ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? 16ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». 17Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». 18«Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кІентий а, йоІарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».

will be added

X\