2 Коринтхошка 5

1Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хІара догІмаш хІаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цІа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цІа ду. 2Вешан хІинца долчу догІмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цІа, бедар санна, ваьшна тІедухар лууш. 3И духар ваьшна тІедухийтинчул тІаьхьа, вай дерзина карор ма дац! 4Лаьттара четарш санна долчу хІокху догІмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХІунда аьлча вайна ца лаьа тІеюьйхина хІума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тІедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дІакхаллийтархьама. 5Оццу гІуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана. 6Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цІенош санна долчу оцу догІмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цІеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь. 7ХІунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду. 8Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегІана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Іаш хилар гІолехь ма хета тхуна. 9Цундела тхуна, догІмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа. 10ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду. 11Везачу Элах кхерар хІун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гІерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со. 12Оха юха а хестош дац тхаьш шуна хьалха. Ткъа оха тхайх дозалла дан таро ло шуна. Иза оха ло, даг чохь долчух дозаллаш ца деш, ткъа тІехула долчу хІуманех дозаллаш деш болчаьрга дуьхьал ала шун хІума хилийтархьама. 13Тхо хьекъалх девлча, иза Делан дуьхьа ду. Ткъа тхо хьекъале даьхкича, иза шун дуьхьа ду. 14ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун безамо лелош ду тхо. Нагахь Цхьаъ массеран а дуьхьа велла хилча, тІаккха, массо а адам делла аьлла, жамІ ма дина оха. 15Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хІинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама. 16Цундела хІинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хІинца оха иштта кхин ца лору Иза. 17Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дІадаьлла, хІинца керланиг хилла дІахІоьттина! 18Ткъа и массо а хІума Делера схьа ду. Дала Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вай Шеца тайтира. Цо тхуна тІе диллина адамаш Шеца таран гІуллакх. 19Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тІедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дІакхайкхор. 20Тхо Дала леррина Къобалвинчун цІарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!» 21Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.

will be added

X\