2 Коринтхошка 4

1Делан къинхетамца оцу тайпана долу гІуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац. 2Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гІуллакхаш. Нах Іеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дІаделларна, Далла хьалха хІора адаман эхь-бехкана оха дІагойту тхаьш муьлш ду. 3Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хІуттуш делахь, иза валаран некъа тІехь болчарна ду иштта. 4Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. 5Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсах бу. Ткъа тхо Іийсан дуьхьа шун ялхой ду. 6ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама. 7Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тІех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама. 8Тхуна массо а агІор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дІа ца даьхна. Наггахь холчу хІиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу. 9Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хІаллак ца хуьлу. 10Іийсан валар гуттара а тхешан догІмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догІмашкахула гучудаккхархьама. 11ХІунда аьлча дийна долуш Іийсан дуьхьа хІора денна а Іожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догІмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама. 12Цу тайпана Іожалла шен Іалашо тхуна тІехь кхочушъян гІерта, дахар шуна кхачийтархьама. 13Йозанаш тІехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогІуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу, 14тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дІа а хІиттош. 15Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дІакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш. 16Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догІмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу. 17Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел. 18Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХІунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.

will be added

X\