2 Коринтхошка 3

1Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дІа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ? 2Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дІаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду. 3Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза. 4Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула. 5Цхьа хІума дан похІма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похІма Делера ду. 6Цо Ша делла тхуна похІма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гІуллакх дан. ХІунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо. 7Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тІулга тІехь яздина дерг хилла дІахІоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тІе ца хьажалора, и нур лагІлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, 8цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! 9Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тІех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. 10ХІунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хІинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. 11Нагахь дІадер дерг а сийлалла долуш хилча, тІаккха хІара цкъа а дІадер доцург кхин а сийлалла долуш ду. 12Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. 13Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай. 14Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дІадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дІадоккху. 15Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тІехь пардо хуьлу. 16Йозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дІадоккхура». 17Веза Эла – Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь – паргІато а ю. 18Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дІагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.

will be added

X\