2 Коринтхошка 2

1Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогІуш, юха а шун дог дохош ца ван. 2ХІунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара? 3Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. 4Аса боккхачу дегалазамца, дегаІаткъамца, дуккха а долу сайн бІаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тІех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза. 5Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тІех луьра ца олуш дитича. 6Дукхахболчара дина таІзар тоьар ду иштта волчунна. 7Цундела шуна гІолехь ду, хІинца цунна къинтІера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гІайгІане ца вахийта. 8Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар. 9Иза аса яздинера, шу зийначул тІаьхьа, шу массо а хІуманна тІехь соьга ладугІуш дуй те хьажархьама. 10Шу къинтІера девллачунна со а ваьлла, хІунда аьлча со хІуманна къинтІера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха, 11иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тІехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу. 12Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дІакхайкхо Троя-гІала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неІ дІайиллира. 13Амма со синтем байна вара, хІунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Іодика а йина, со Македоне вахара. 14Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тІехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дІасаяржайо Цо. 15КІелхьарбовларан некъа тІе бевллачарна а, хІаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду вай. 16ХІаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Іожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кІелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а? 17Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цІарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.

will be added

X\