2 Коринтхошка 12

1КхидІа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хІиттийначу суьртех а, дІадиллинчу хІуманех а лаьцна дуьйцур ду аса. 2Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегІаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгІачу стигала хьалаваьккхина хилла. 3И стаг, (дегІаца я синца делахь а, суна иза ца хаьа, цхьана Далла бен) 4ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац. 5Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гІорасизаллех доцург. 6Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама. 7Делера долу даккхий дІаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегІах цхьа кІохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера! 8Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кІохцал сох дІакъастаде аьлла. 9Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хІунда аьлча Сан ницкъ хьан гІорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гІорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. 10Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гІорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тІаьхьабовларна а, цатемашна а, хІунда аьлча со гІорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу. 11Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хІунда аьлча со хІумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хІуманна тІехь а оьшуш вац. 12Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гІуллакхаш а, инзаре хІуманаш а, нуьцкъала гІуллакхаш а дора. 13Шуна сайх бала ца бар доцург, кхечу динан тобанашца чул шуьца хІун вон хилира со? Оцу бехкана къинтІерадовлалаш суна. 14ХІинца кхозлагІа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хІумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза. 15Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дІалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагІлур буй те? 16Шу реза хир ду аьлла хета суна, шуьгара хІума сайна схьа ца эцна ас. Амма цхьаболчара боху, аса иза сайн мекарлонашца а, хІилланашца а шуьгара схьаяьккхина. 17ТІаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух? 18Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хІумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо? 19Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хІинца а? ХІан-хІа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чІагІдархьама деш ду. 20Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагІ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар. 21Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хІинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дІа ца бирзина болчу дукхахболчарна тІехь сайн велха дезарх кхоьру со.

will be added

X\