IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

2 Коринтхошка 11 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна!   2  Дикачу агІор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цІена йоІстаг санна, шу дІахІитто лаьа суна.   3  Амма со кхоьру, шен хІилланца лаьхьано Іехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцІена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла.   4  ХІунда аьлча аша самукъадаларца тІеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Іийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тІеоьцу аша!   5  ХІунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хІуманна тІехь а оьшуш ца хета суна.   6  Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тІехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хІуманна тІехь шу тешийна.   7  Хаза кхаъ айса шуна дІакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса?   8  Шуна гІуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш.   9  Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хІуманна тІехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХІунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хІуманна тІехь шуна сайх бала ца бан гІиртира со, хІинца чул тІаьхьа гІертар а ву.   10  Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чІагІо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дІадоккхур дац аьлла.   11  ХІун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза!   12  Амма хІинццалц леллачу тайпана кхидІа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта.   13  ХІунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гІуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту.   14  Иза инзарвала хІума дац, хІунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду.   15  Цундела доккха хІума а дац, нагахь цуьнан гІуллакх деш тІаьхьахІиттинчара шаьш Делан лаамна гІуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гІуллакхашка хьаьжжина хир ю.   16  Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тІеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта.   17  Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Іаш волчу сонтачо санна дуьйцу.   18  Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла.   19  ХІунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна.   20  Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тІе йиттича а.   21  Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гІуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура. Нагахь цхьана хІуманна тІехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь – аса сонтачо санна боху – со а ваьхьар ву дозалла дан.   22  Уьш Іебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахІиман хІух буй? Со а ву.   23  Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Іожаллин кхерамехь хуьлура со.   24  ЯхІудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хІоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш.   25  Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира.   26  Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса.   27  Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тІеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса.   28  Кхузахь хьахийна хІуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Іаткъам кхочу суна.   29  Мила ву гІело хьоьгуш, аса а шеца гІело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш?   30  Айса дозалла дан дезахь, сайн гІорасиза хиларх дозалла дийр ду аса.   31  Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Іийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла.   32  Со Дамасакхехь волчу хенахь, ХІарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гІалин Іуналла дора, со схьалаца дагахь.   33  Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кІелхьарвелира со цуьнан карара.