2 Коринтхошка 10

1Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахІала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу. 2Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тІех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тІех йолу майралла гайта ваьхьар ву со. 3ХІунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тІемаш ца бо. 4Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, 5Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь ярхьама. 6Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтІахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хІуманна а таІзар дан. 7Ткъа гІуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла. 8Нагахь аса, шун гІуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тІаккха а юьхьІаьржачу хІуттур вацара со. 9Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гІерта аьлла. 10ХІунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьІна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгІаза ву, цо до къамел дегаза а ду». 11И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тІехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла. 12Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хІуьттуш, шайн сонталла гойту. 13Дала тхуна билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду. 14Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тІех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дІа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча. 15Дала тхайна деллачу дозанал тІех а девлла, тхаьш дина доцучу гІуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чІагІ а луш, Дала тхаьшна тІедиллинчул тІех а ца довлуш, кхин а дуккха а гІуллакхаш шуна юкъахь дан. 16ТІаккха шу долчохь кхайкхийна ца Іаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гІуллакхех дозалла дийр дац оха. 17Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо – Везачу Элах дозалла дойла». 18ХІунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.

will be added

X\