2 Коринтхошка 1

1Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. 2Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. 3Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. 4Цо вайн муьлххачу а гІайгІанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гІайгІанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама. 5Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу. 6Оха баланаш хьоьгуш хилча – иза шун синтеман а, кІелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча – иза шун синтеман дуьхьа ду, хІунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама. 7Тхо чІогІа тешна ду шух, хІунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца. 8Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. 9Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама. 10Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо. 11Тхуна тІера доІанаш а деш, цу гІуллакха тІехь аша гІо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доІанашка Дала ладогІарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу. 12Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тІехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцІена а, хІумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара. 13- 14Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хІума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хІинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Іийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх. 15Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгІа а декъалалла хилийтархьама. 16Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тІаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхІуд-махка новкъа а воккхуьйтуш. 17И Іалашо сайна хьалха хІоттош, аса ойла а ца еш-м ца дина те иза? Я аса, кху дуьненарчара санна, сайгара олу ткъа цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІа»? 18Дела тешаме хиларх чІагІо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІа». 19ХІунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха – аса а, Салис а, Тимапис а – хьехамаш бина волу Делан КІант, Дала леррина къобалвина Іийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІан» олуш. Цуьнгахула Делан «хІаъ» хилла дІахІоьттира. 20ХІунда аьлча Дала мел дина ваІданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хІаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай « Амин » олу. 21Шуьца цхьаьна тхо Ша леррина Къобалвинчух тешаш чІагІдина лоттуьйтуш Верг – Дела ву. Цо вай къобал а дина, 22Шен мухІар тІетохарца вай къаста а дина, Ша лур ду аьлла динчу закъалтана Шен Са делла Цо вайн дегнаш чу. 23Далла хьалха сайн дахарх чІагІо йо ас, со хІинццалц Коринте цаваран бахьана шу кхоош хилар ду аьлла. 24Иза дац шун тешарна тІехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гІуллакх деш ду тхо, хІунда аьлча шайн тешар тІехь чІагІо йолуш ду шу.

will be added

X\