IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

1 Тимапига 6 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цІе а, вайн хьехамаш а емал ца байта.   2  Шаьш санна Іийсах тешачу шайна тІехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гІуллакх дан деза цара. ХІунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Іийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.   3  Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара.   4  Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хІумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагІ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар.   5  Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.   6  Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь.   7  ХІунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хІума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хІума кху дуьнен чуьра вайга дІадахьалург ца хилар а.   8  Юург а, тІеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай.   9  Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо.   10  Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.   11  Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хІуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.   12  Тешарца боьзна болчу дикачу тІамехь хьуьнарца тІом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тІеэца гІерта. Цу дахарна Дала хьо тІекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.   13  Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Іийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хІуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хІара тІедуьллу:   14  ала хІума доцуш цІена кхочушбе хІара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу схьаваллалц.   15  Іийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тІекхаьчча гойтур ду Дала – декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза.   16  И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин.   17  Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тІедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХІунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.   18  Хазаниг дар а, дика гІуллакхаш шортта дар а тІедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.   19  Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.   20  Ва Тимапи! Дала хьайга Іалашдан дІаделларг ларде. Іесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догІучу хІуманех а дІаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду.   21  Цхьаберш, оцу хьекъална тІаьхьабовлар бахьана долуш, динан некъах тилабелла. Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.