1 Тимапига 5

1Воккхачу стагана Іиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха. 2Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агІор догцІена хила цаьрца. 3Бисина Іаш болу зударий лара – царах билггал бисина Іаш берш боху ас. 4Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Іамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза. 5Билггал цхьа йисина Іаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доІанаш а деш, сих-сиха Деле гІо доьхуш хуьлу. 6Ткъа шен дегІана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю. 7Царна ала хІума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш. 8Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цІерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Іесачу стагал а оьшуш ву. 9Кхузткъа шарал тІехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цІарна тІехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дІаязйина йолу йисина зуда. 10Шен дикачу гІуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тІе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гІуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гІо а деш, муьлхха а дика гІуллакх дан а гІерташ елахь, иза дІаязъян тарло. 11Ткъа къона болуш бисина Іаш болу зударий ма харжа, хІунда аьлча шайн дегІан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло. 12Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дІатеттина дела. 13Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгІа эха а Іема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Іаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хІуманна юкъа а гІерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш. 14Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гІойла а, цара бераш дойла а. Шайн цІа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Іан беза уьш. 15ХІунда аьлча цхьаберш хІинцале а иблисана тІаьххье харц новкъа бевлла. 16Нагахь санна Іийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Іийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Іаш болчу зударшна оцу тобанан гІо дан таро хилийтархьама. 17Іийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тІехь а, хьехамаш барна тІехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза. 18ХІунда аьлча Делан Йозано хІара боху: «Оруш болчу стеран бага дІа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догІу алапа схьаэца хьакъ долуш ву». 19Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тІе ма лаца. 20Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама. 21Далла а, Цо леррина къобалвинчу Іийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хІара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ. 22Сихлой, цхьанна а тІе доІанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цІеналлехь латтаве. 23ХІинца чул тІаьхьа, деккъа хи а малий, ма Іе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дІаялийта а жимма чагІар мала. 24Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тІаьхьо бен гучу ца довлу. 25Иштта дика гІуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.

will be added

X\