1 Тимапига 4

1Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. 2Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна. 3Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. 4Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь, 5хІунда аьлча Делан дашца а, вайн доІанашца а иза Далла хьалха цІанло. 6И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика гІуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тІаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. 7Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дІататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чІогІа къахьега деза. 8ХІунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегІ чІагІдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Іамар массо а агІор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хІинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чІагІо. 9И дош бакъ а ду, муьлххачу а агІор тІелаца хьакъ долуш а ду. 10Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХІунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Іийсах тешаш болчеран, КІелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша. 11ХІара хьехамаш адамашна дІа а кхайкхабе, хьеха а хьеха. 12Цхьа а стаг хьан къоналлех ца вешаш ма хуьлийла. Іийсах тешачарна массарна а хьайх дика масал гайта айхьа дуьйцучуьнца, оьзда леларца, безамца, тешам хиларца, дог цІена хиларца. 13Со хьо волчу дІакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дІа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха. 14Хьайгахь долу Делан Синан похІма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тІедахкарца а хьуна делла ду иза. 15И гІуллакхаш а деш, яккха хьайн ерриг а хан, хьан кхиамаш массарна а гуш хилийтархьама. 16Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХІара ас аьлла долу гІуллакхаш даим а де, хІунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кІелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгІуш берш а кІелхьарбохур бу.

will be added

X\