1 Тимапига 3

1Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гІуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду. 2Іийсах тешачийн тобанан гІайгІабийриг цхьанна а стеган ала хІума доцуш цІена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тІеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. 3Малар тІехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. 4Шен цІа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтІахь хила а, нах лара а Іамо деза. 5Шен цІа лело а ларош воцург лелар вуй те Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гІайгІа беш? 6Іийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. 7Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Іиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а. 8Динан куьйгалхойн гІоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагІар малар тІех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. 9Іийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цІеначу дагца лардан хууш хила беза уьш. 10Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тІаьхьа, ала хІума доцуш уьш цІена белахь, динан куьйгалхошна гІо дайта мегар ду цаьрга. 11Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хІуманна тІехь тешаме а хила беза церан зударий а. 12Динан куьйгалхойн гІоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тІехь а, шен цІа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза. 13Далла гІуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан. 14ХІара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш. 15Нагахь санна со хьелахь а, Делан хІусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хІусам дийна волчу Делан долахь йолчу Іийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бІогІам а, бух а. 16Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чІогІа йоккха ю: Иза адаман дегІехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дІакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.

will be added

X\