1 Тимапига 2

1Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доІанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а, 2паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тІера. Иштта доІанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама. 3ХІунда аьлча вайн КІелхьардохург волчу Далла хьалха иза дика а, Цунна тамехь дерг а ду. 4Цунна лаьа массо а адамаш кІелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а. 5Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву. 6Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дІаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла. 7Кхечу къаьмнашна Іийсах долчу тоьшаллина векал а, хаза кхаъ кхайкхорхо а вина сох. Царна бакъдолчу тешарх лаьцна хьеха дІахІоттийна со. Билггал бакъдерг боху ас, аьшпаш а ца бутту ас. 8Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доІанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доІа деш болу уьш цІена а, Далла тешаме а оьгІазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза. 9Иштта зударий а доІа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхІарех йина хІуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза. 10Амма уьш шайн дикачу гІуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догІуш ма-хиллара. 11Зуда Іемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтІахь а хила еза. 12Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тІехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза. 13ХІунда аьлча Дала хьалха кхоьллинарг Адам вара, тІаккха Хьава яра. 14Іехавелларг а Адам вацара, ткъа зудчо, Іеха а елла, зулам динера. 15Нагахь санна кхидІа а Делах а тешаш, адамаш а дезаш, цІена а, оьзда а и хилахь, бер дарца кІелхьаръер ю иза.

will be added

X\