1 Тимапига 1

1Со, ПахІал, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КІелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а. 2ХІара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кІант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна. 3Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь. 4Къийсаршна тІе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Іалашонна тІе ца балабо уьш. 5ЦІеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дІабехкаран Іалашо. 6Оцу хьехамашна тІера дІа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла. 7Товрат-хьехаман Іелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух. 8Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь. 9И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Іедална муьтІахь боцучарна, Іесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу. 10Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догІуш лелочу массо а хІуманна бина бу и товрат-хьехамаш. 11Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш. 12Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гІуллакх дан со билгалваьккхина Цо. 13Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела. 14Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тІеІаьнна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна. 15«Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кІелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву. 16Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тІехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тІеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза. 17Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин. 18Хьехам бо ас хьуна, сан кІант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тІемалочо санна, къовсам латтабойла, 19хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хІаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна. 20Ишттачех бу ХІуьманай а, Искандар а. Іеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дІабелла.

will be added

X\