1 Тассалникьхошка 5

1Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хІумма а яздан оьшуш дац. 2Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. 3«ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац. 4Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тІекхача. 5Шу массо а серлонан кІентий а, дийнан кІентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кІентий дац. 6Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. 7ХІунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха. 8Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза. 9Вай Дала оьгІазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна кІелхьардовлар далархьама хаьржина ду. 10Іийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогІучу хенахь вай дийна я делла делахь а. 11Цундела, хІинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чІагІдала гІо а де. 12Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гІуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар. 13Церан болх бахьана долуш уьш тІехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Іелаш. 14Кхин а чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гІийлачарна гІо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а. 15Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гІорталаш. 16Гуттара а самукъане а хилалаш, 17даим а доІанаш деш а хилалаш, 18массо а хІуманна Далла хастам а белаш, хІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела. 19Йовш йолу цІе санна, Делан Са дІа ма дайталаш. 20Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш. 21Массо а хІума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш. 22Муьлххачу а зуламах ларлолаш. 23Вайн синна паргІато луш волчу Дала Ша цІан а дина, массо а агІор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегІ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу хенахь дуьззина къинойх цІена латтадойла. 24ТІекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хІара. 25Динан вежарий! ДоІанаш делаш тхуна тІера. 26Массо а динан вежаршка доггах маршалла ло. 27Везачу Элах дуй баарца доьху хІара кехат массо а динан вежаршна дешар. 28Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда.

will be added

X\