1 Тассалникьхошка 4

1Ткъа хІинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тІехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар. 2Веза Эла волчу Іийсагара шайна оха хІун весеташ делла, шуна хаьа. 3Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догІмаш лардан деза аша, хІунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дІакъасто. 4Шух хІоранна а хаа деза, цІена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегІ цІена латто хІун дан деза. 5Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. 6Цхьана а хІуманна тІехь шайн вешина хьарам долу гІуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агІо лоьхуш ма хила, хІунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таІзар до. Шуьга иза дІахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара. 7Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цІена лелийтархьама хаьржина. 8Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу. 9Шуна вовшийн деза Дала Ша Іамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хІума дийца оьшуш дац. 10ХІунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чІагІдар тІедуьллу оха шуна. 11Шу чІогІа гІерта деза тийна даха. Шайн гІуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха. 12Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тІехь а цхьаннан а гІо оьшуш а хир дац шу. 13Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гІайгІанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Іа ца лаьа суна. 14Вай Іийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Іийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша. 15Везачу Элан дашца боху хІара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. 16ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. 17Цул тІаьхьа вай, далаза диснарш, царах дІа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТІаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду. 18Иштта, хІокху дешнех вовшашна синтем а беш Іе.

will be added

X\