1 Тассалникьхошка 3

1Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гІалахь севцира тхо. 2- 3Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гІуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чІагІдалийта а, Делах тешаран гІуллакхна тІехь шун дегнаш иракарахІитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла. 4Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дІахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира. 5Цундела, шун Іийсах тешаран гІуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера. 6Ткъа хІинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга. 7Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна. 8Шу Везачу Элаца чІагІделла долу дела, тхо хІинца ирсе деха. 9Шуна тІера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо. 10Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доІанаш дийр ду оха. 11Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка. 12Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла. 13Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чІагІдархьама. ТІаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Іийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогІучу хенахь. Амин .

will be added

X\