1 Тассалникьхошка 2

1Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тІедахкар эрна ца хилар. 2Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гІалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гІиртира. 3ХІунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гІертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хІилла дар. 4Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш. 5ХІунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх! 6Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тІе ца дуьллу оха. 7Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кІеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Іийра тхо. 8Иштта тхо шух дІаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Іаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дІадала лиира тхуна. 9ХІунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогІу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а. 10Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цІена а, Делан лаамехь а, ала хІума а ца дуьтуш тхо муха Іара. 11Шуна хууш ду-кх, шух хІора а, дас шен бераш санна, лелавора оха. 12Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хІиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама. 13Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тІеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хІара дош болх беш а ду. 14Динан вежарий, шу ЯхІуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. 15Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса а, пайхамарш а яхІудхоша байинера. Тхо а дІалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагІий хилла царах. 16Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кІелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тІехбоккху, амма Делан оьгІазло эххар а тІекхаьчна царна. 17Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гІертара тхо. 18Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахІал волу со цкъа а, шозза а гІоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора. 19Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж ? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш? 20Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а.

will be added

X\