IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Кипин хьалхара кехат 5 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  ХІинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас.   2  Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Іалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега.   3  Шайн куьйга кІелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе.   4  ТІаккха, коьрта Іу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна.   5  Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачу нахана реза вац, амма муьтІахь берш безаш ву».   6  Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кІел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.   7  Берриг а шайн гІайгІанаш Цунна тІе яхка, Иза шун бала болуш ву!   8  Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш.   9  Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чІагІде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу.   10  Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КІеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чІагІо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.   11  БІеннаш шерашкахь хуьлийла Цуьнан олалла, амин.   12  ХІара доца кехат ас (сайга хаьттича) тешаме волчу вешин Салин гІоьнца яздина, шу иракарахІитторхьама а, иза билггала долу Делан диканиг дуйла хаийтархьама а. Цу тІехь чІоггІа латта!   13  Шу санна, Бавел-гІалара Дала хаьржиначара а, ткъа иштта сан кІанта Марка а маршалла доуьйту шуьга.   14  Доггах, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а.