Кипин хьалхара кехат 4

1Дала леррина Къобалвинчо Шен дегІана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХІунда аьлча дегІана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дІа а къаьстина, 2дуьнен чохь яккха йисина хан, дегІан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву. 3Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цІушна хьарам Іибадат деш. 4Ткъа хІинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гІуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш. 5Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна. 6Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ . ДогІмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь. 7Дерригенан а чаккхе тІекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тІаккха шуьга доІанаш далур ду. 8Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хІунда аьлча безамо дукха къинош дІахьулдо. 9Шайн хІусамашкахь вовшийн тІеэца, яппарш а ца еш. 10Шуна хІоранна а ша тайпа похІма кхаьчна. Вовшийн гІуллакх де цу похІмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хІусамдас санна. 11Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гІуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гІуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Іийсан бІеннаш шерашкахь, амин ! 12Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хІума хуьлу аьлла. 13Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду. 14Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела. 15Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таІзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а. 16Нагахь шуна дина таІзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цІе лелорна! 17Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тІера йолалур ю иза. Ткъа вайна тІера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тІе ца эцначу нахана хІун таІзар хир ду?! 18«Делан лаамехь верг халла кІелхьарволуш хилча, Іеса лелачунна а, къинош летийначунна а хІун хир ду?» 19Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дІадала деза.

will be added

X\