IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Кипин хьалхара кехат 3 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Зударий, шу а шайн майранашна муьтІахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугІуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тІебалабе уьш,   2  шайн цІена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий.   3  Гуш долчу хІуманашца хаздала ма гІерта: месаш Іалашъярца, дашо хІуманашца, хазачу духаршца.   4  Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.   5  Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтІахь хуьлуш.   6  Масала, ИбрахІиме массо а хІуманна тІехь ладугІуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Іаш делахь, шу Цуьнан йоІарий ду.   7  Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гІорасиза хилар а хууш. Уьш лара хІунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгІат кхочу цаьрга. ТІаккха шун доІанашна дуьхьало еш хІумма а хир дац.   8  Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза.   9  Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХІунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.   10  Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе.   11  Вочунах дІавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш.   12  ХІунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар, церан доІанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш. Амма оьгІазе ю Везачу Элан юьхь иза зуламхошка хьожучу хенахь».   13  Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гІерташ хилча?   14  Амма шаьш дина дика хІума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!»   15  Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу.   16  Ларам болуш а, таьІна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тІаккха шуна тІехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цІена ду гича.   17  Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гІолехь ду, вониг а дина ловчул!   18  ХІунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тІе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегІ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.   19  Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза.   20  Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен.   21  ХІинца шу кІелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тІера мода дІаяккхар дац, амма цІеначу дагца Деле йина чІагІо ю. Дала леррина къобалвина Іийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кІелхьардоху.   22  Іийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агІор Іаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.